ГIаргIулеш йоьлхуш яха
ДIога стигалхула.
«Халахета, – эли ахьа, –
Хаац стенна суна».
Хьуна дагаеа бIаьсте,
И вайн сийна бIаьсте,
Буц, зезагаш, вайн ойланаш,
И вайн сирла ойланаш.
Лазам хилла ека гуьйре
ГIаргIулийн аьзнех.
Иштта мерза, иштта дуьра
Сан дог цкъа ца лезна.
Ловзар ма дац дахар хIара,
Йиш яц юхадоло –
Мел и хиларх вайна хала,
БIаьсте яьгна йолу.
ХIетте хьажий тахна вайша,
Кху гуьйренан дийнахь,
БIаьсте санна, ирсе, тийна
Вовшийн бIаьра хьажа.
БIаьста санна, дела, делха,
Доггах вовшийн деза.
Мийла безам, зIаьнарш маьлхан,
БIагор хьовззалц мерза...
Лазам хилла ека гуьйре
ГIаргIулийн аьзнех.
Иштта мерза, иштта дуьра
Сан дог цкъа ца лезна.
Стихи Мусы Ахмадова и Исы Бецаева