★Лекхачу лаьмнашкахь
★Цу луьсту хьаннашках
★Бухдуьлу шовданаш
★Шовдане йогIуш ю
★Сийна бIаьргаш керчош
★Ши ведар гаьхь долуш
★ГIалара и хьаша
★Цу сарахь суьйренца
★Бузучу малхаца
★Шовдане богIуш бу
★Вовшаха бакхий беш
★Хьешаха бIаьрг бетташ
★Самукъа ва даьлла
★Вовшаха бакхий беш
★«Марша хьо йогIийла!» —
★Цхьаъ шега вистхилча
★Ши бIаьриг къарзбина
★«Тоже мне колхозник, спасибо», — ва аьлла
★«Нохчийн мотт ца хаа
★Я кура ю теша?»
★Цо шега и аьлча
★Моха а ва еъна
★ДIаедда йоьдуш ю.
★«ГIалара девушка
★Подожди» - ва аьлла
★ТIаьхь мохь ас туьхийра
★«Дакъаза ма яла, дакъаза ма яла,
★ГIалара девушка
★Почему кура ю?
★Оьрсийн мотт незнаю
★Девушка, I love you
★Как зовут дийцахьа
★ЦIе хIун ю йицахьа.»
★«Меня зову Звезда»
★«Вайн маттахь ты Седа
★Нохчийн мотт бицбина
★Оьрсийн мотт чIагIбина
★Вай мохка сий дайна
★Ши кепек мах бац хьан
★Хьо цхьанне оьшур яц!»