1 куплет:
Сан даго кхойкху хьоь, ладог1ал цуьнга
Хьо веза боху цо, тешахьа ц1а мукъна
Припев:
Хьо хаза хеташ, дагахь ц1е лепа
Кира са богу, хьо соьга кхета
Соь еза ала, бижийта бала
Соь йола ала, дош лой Хьо вала
2 куплет:
Ма г1о Хьо гена д1а, йуьтуш со цхьалха
Жима дог доьлху са, и хьаста вола
Припев:
Ма леха кхиниг ахь, со юххехь хилча
Соьца бе ирс хир дац, и хаа хьуна
Хьо хаза хеташ, дагахь ц1е лепа
Кира са богу, хьо соьга кхета
3 куплет:
Б1аьрзе стаг санна хьо, ма хьежа соьга
Къоначу безамо, схьа кхойкху хьоьга
Припев:
Ма леха кхиниг ахь, со юххехь хилча
Соьца бе ирс хир дац, и хаа хьуна
Хьо хаза хеташ, дагахь ц1е лепа
Кира са богу, хьо соьга кхета