Маьлха нур къейла дели
Бетта са гуча дели
Стиглахь седарчийн яц чотт
Уьш дагар деш тилло мотт
Аьхна мохь хьоьх херча бей
Хьа б1аьргаш чохь г1ейг1а ей
1ана оьхуш доьлху дог
Хьалхи къаьсти безам хьоьх
Припев:
Дог1а ду я ду б1аьр хиш
Йо карзахе ойланаш
Хьа дожий хьа б1аьрги нур
Ч1аг1о хитош ба1а дуй
Хил тарло хьоьх оьхазло
Хьарцо ярна безамо
Гур ду хьуна ирсе де
Йо1 ахьа са ма гат де
Куплет2:
Коьртахь хьере ойланаш
Дагчохь эзар г1ейг1анаш
Тамаще ю йолу хан
Ца хуьлу мел елхарх там
Тешамах дог къера ду
Нийзам доьхнарг хьо ца1 ю
1ар яхарах маъна дац
Хьалхалера сурт кхи гац