1 куплет:
Хьала хьаьжчи боьлху ши б1аьрг
Вахьа хьаьжчи боьлху ши б1аьрг
Делха хьайна кийрара дог
Со безама ели хьинца
(2 раза)
2 куплет:
Вог1уш вайча хаза хета
Воьдуш вайча дукха веза
Вела велла сайга хьаьжча
Дуьне сирла долу суна
(2 раза)
3 куплет:
1уьйре йог1у хьо ца вог1уш
Суьйре йог1у хьо ца вог1уш
Хьом висина вала волу
Сом са хьийзаш елла йолу
(2 раза)
4 куплет:
1уьйрени да хьо ву моьттуш
Суьйрени да хьо ву моьттуш
Хьай деши да хьо ву моьттуш
Хьоьх тешарна дохко юьйлу
(2 раза)
5 куплет:
Хьо д1а воьди сайна хиънаьхь
Гена воли сайна хиънаьхь
Дуьне мел ду духьал юьйлуш
Со йиц ма е бохур дара
(4 раза)