Д1адижа са жима к1орни,
Садо1у хан еана.
Малийкаш ду гуонахь хьуна,
Хьоьстуш ловза даьхкина.
Са хазаниг, са жиманиг,
Мерза наб ахь кхетийта.
Хьай жима дег1 парг1ат даккхе,
Цуьнга ахь сада1ийта.
Олило - Балило..
Са жима бер д1адижа
Олило - Балило..
Жима бер, хьо д1адижа.
Сада1аро ницкъ бауьйту,
Ловзуш к1ад цаволийту.
Са эьшаре ла-а доьг1уш,
Са бер наб ахь кхетийта.
Мел-мелаша воккха хуьлуш,
Суна накъост хьох хир ву.
Даламукълахь Иман долуш,
Беркате к1ант кхуьур ву.
Олило - Балило..
Са жима бер д1адижа
Олило - Балило..
Жима бер, хьо д1адижа.
О-о-о.. о-о-о..
Мами к1ант, хьо д1авижа
М-м-м.. м-м-м..
Мами дог, хьо д1адижа..
Мами дог, хьо д1адижа..
Хазаниг, хьо д1адижа