Хьо йолче вог1ура со
Хьо сайна езарна
Хьо йолче вог1ура со
Хьан дешнах тешарна
Амма хьо хиллера ли веш
Хазачу хабарца
Амма хьо хиллера кхидош
Хьай безам кхичун д1а
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
Д1аели ши шо хан зама
Ахь хьайна веза бохуш
Д1аиди хаза денош
Ахь соьга йог1у олуш
Чим хилла беги сан безам
Кхичуьнца сана йайча
Г1а хилла йоьжи даг т1ера
Баркалла ду соьгара
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
Йог1ур ю цхьа шийла 1уьйре
Со хьуна дага вог1уш
Йог1ур ю цхьа ирча суьйре
Ахь соьга юха кхойкхуш
Мел эрна хир ду хьан елхар
Бузучу Малхе хьоьжуш
Мел эрна хир ду сатийсар
Со юха варе хьоьжуш
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со