Нана мохк йовсарша бухкучу дийнах
К1иллой шай къамелах бухучу дийнахь
Лай хила реза верг лай хуьлучу дийнахь
Борз хилла г1аьтти хьо яхь йолу нохчо.
Мостаг1чо вай латта хьоьшучу дийнахь
Вай наной вай йижарий боьлхучу дийнахь.
Г1азоте къонахой кхойкхучу дийнахь
Борз хилла г1аьтти хьо къонаха нохчо.
Алонехь г1аланаш йогучу дийнахь
Ярташкахь х1олламаш дебачу дийнахь
Къизалло къома дог шелдинчу дийнахь
Борз хилла г1атти хьо турпала нохчо.
Бо-берийн аьзнаша кхойкучу дийнахь
Балано вай лаьмнаш кхойлиначу дийнахь
Тезетахь нана -мохк боьлхучу дийнахь
Борз хилла г1аьтти хьо сий долу нохчо.
Къематде хьоттича хьо винчу махкахь
Чов хилла 1овжамо багийча кийра
Буьрсачу къийсамехь чаг1анкхаш ата
Борз хилла г1аьтти хьо сий долу нохчо.
Йовсарий арданг а керчийна ц1ийла
Х1аллакйеш отуш ягийна ц1ергахь
Турпала къонахой хьакъ болчу махкахь
Толамца вирзи хьо сий долу нохчо.
Баркалла мерза мотт 1аморна бийца
1ожаллех вежарий ахь 1алаш барна
Баркалла къома сий лардарна ц1ийца
Баркалла хьо тхуна кхиинчарна..