Йогу со:
1-ый куплет:
Меллачу х1авао суьйре ю хьоьстуш.
Сан некъахь хьо вовзар,сатийсам боцуш.
Ехначу б1аьстено заза хьоьх хьоькхуш,
Сан юьхь т1е хьийза хьо,б1аьрг серлабоккхуш.
Припев
Садууш,сахьийзаш,сан дог хьагделла!
Йогу со,йоьлху со хьо везавелла!
Алахьа х1ун ду те,вай суна хилларг!
2-ой куплет
Цкъа мацца хир ю со,хьан массо ханна...
Х1инца хьо д1алела ойлане некъахь.
Хьуна моьттур хир ду,лар долуш денна,
Йогг1ушехь кхечи со хьан дахар декъа.
3-ий куплет
1уьйранна г1отту малх,чубузу сарахь..
Сирлачу беттасо йовхо лац арахь.
Мехаш а лелаш ду х1аваэхь толлуш,
Ткъа стигла ехаш ю,цкъа чекх ца йолуш.
И стигла ва санна,цкъа чекх ца болуш
Бехийла вай безам вовшашна дезаш...