Гой хьуна хьомсара нана, доьзал хьан кхиъна бог1у
Гой хьуна сан хьоме нана, сан б1аргаш хих дуьзна ду
Ца воьлху сан нана вонна, ца воьлху дахарна со
Кхоьру со, со вина нана, б1аьргаш ахьа къовларна д1а
Кхоьлийна б1аьргашка хьоьжуш, ас хьуна ма сагаттадо
Йисна хьан жималла генахь, цунна со бехке ву
Къинт1ера ялалахь нана, дийлинехь г1алаташ сох
Хьо суна яхалахь нана, и даракха совг1ат суна!
Нана, сан хьомсара нана, ас муха хьаьстайе хьо?
Х1ун алий ас хьан дог эца? Аса муха теде хьан дог?
Декъала хуьлийла нана, ехийла даимна хьо!
Дахаран серло – сан нана! Даимна лепалахь хьо!