Ма хилахьа массарна а хаза –
Массара а доху хаза заза.
Хиларх со массарна хаза,
Лепар бу сан седа цхьанна.
Ма хилахьа массаьрца екхна –
Массара а муьйлу шовда хьаьъна.
Хиларх со массаьрца екхна,
Хьаьъна дог доьллур ду цхьанна.
Ма хилахьа массаьрца дика –
Дагахь хир ву массо а хьо йига.
Хиларх со массаьрца дика,
ТІехдика со хир ю цхьанца.
Ма латтабе массаьрга безам –
Бийр бу ахь хьайн дагна Іийжам.
Латтарх а массаьрга безам,
Цхьаьнга бийр бу озабезам.
Къаставе цхьаъ иллеш дохург,
Безаман цу цІергахь даим вогург.
Къастор ву ас шен иллешца,
Шех йогу цІе сох лато верг.
ГІенан кхоьлах хьо дуьхьалхІуьттург,
Хьо гар шена доккха ирс лорург.
Лаьа суна гІенан кхоьлах,
Ас хьоьхуш берг барт хуьлийла.
Ахь «хІаъ» цуьнга алахь, цо хьо лома,
Юьгур ю-кха стигалхула тІома.
Ас «хІаъ» аларе ца хьоьжуш,
Цо юьгийла шен кхолламе.
Цуьнга алахь ахь «хьо суна веза»,
Хетар цунна хьо шен деган зезаг.
Шега веза ас цааларх,
И кхетийла дагахь долчух.
Цо дугІур ду и ломан басахь,
Малхехь, тхилахь къегийта хаза.
Шена сох тарделлехь зезаг,
Мохехь-малхехь ца тоьхкуьйтуш,
Деган кІоргехь дІатардойла
Нехан бІаьргах, вонах лардеш