Стигланаш хьерчор ю
Стигланаш xьерчор ю, Мовсар.
Латтанаш шардерду, Мовсар.
Кур, лакха ламанаш, латтийца
вай Дала нис дийр ду, Мовсар.
Къемат ди вай Дала д1ах1оттор ду хьуна, Мовсар.
Цу дийнахь xуур ду хьа воша мил xилла.
ЛаилахIа иллаЛлахI
Цу дийнахь вовзор ву халкъана хьа воша.
ЛаилахIа иллаЛлахI
Ялсамане кеч йир ю, Мовсар.
Жоьжг1ате г1оттор ю, Мовсар.
Сyртан-тIай везичу вай Дала
дуьллур ду, Мовсар.
Мизан-терз везичу вай Дала
гIоттор ду, Мовсар.
Цу дийнахь xуур ду хьа воша мил xилла.
Цу дийнахь вовзор ву халкъана хьа воша.
ЛаилахIа иллаЛлахI
Пайхамараш белхур бу, Мовсар.
Авлияаш боьхна, хьийзар бу, Мовсар.
Уммати, уммати ва бохуш,
вай Элчи вай Деле кхойкхур ву, Мовсар.
Цу дийнахь xуур ду хьа воша мил xилла.
ЛаилахIа иллаЛлахI
Цу дийнахь вовзор ву халкъана хьа воша.
ЛаилахIа иллаЛлахI
Xарцлина ва тобy цу махьшар ва аре,
бейттамал ва бохуш, ма дукха елхур ю.
ЛаилахIа иллаЛлахI
Вай Дала хастам бу хьо устаз хилларна.
ЛаилахIа иллаЛлахI