Линда Идрисова - Ма мерза дош ду и Нана - 2012
Набарна тойжича адам а, малх а
Буьйсанна шелонехь йисича со цхьалха
Сан ненах йисна ц1е яйна го бешахь
Йогур яц альча хала ду теша
Сатийсам бох а беш ягалахь алу
Хьан ц1аро башабо кийрара бала
Цу ненан серлонгахь со ирсе хета
Буьйсанна 1ехалой мерза наб кхета
Буьйсанна шабарш до аса нана, нана
1уьйранна ц1еро а язйина нана
Ма мерза дош ду и – Нана
Сатийса г1ора луш, нана
Седарчий лепадеш йоьдура суьйре
Ненаца хазлора бераллий туьйра
Сан зезаг дахалахь хьо ирсе олий
Нанас со хьостура мара а къовлий
Да виса хьан дела1, шелйелла ойла
Дог доьлхуш хьо цхьанна беро ма йойла
Аса Деле арз дира нахала йолуш
Сан Нана д1айаха соьга ца олуш