До1а
Бисултанов Апти
Лам лекха бу аьлча ломах
аьлларг аьлла доцу дела
х1орд к1орга бу аьлча х1ордах
аьлларг аьлла доцу дела
ломал лекха х1ордал к1орга
нохчийн бала болу дела
со мотт сецна висна тахна
аьлларг аьлла доцу дела
вайн дегнаш а вайн кешнаш а
цкъа бухдохур долчу Дала
цкъа бухбоккхур бу-кхa х1ара
нохчийн къоман беза бала
ишта ойла йина ас а
кхачадича дош а аз а
кхачадича дег1 а са а
Деле велха дезна сан а
Хьоьга деха хьакъ а волуш
доьхуш вац со Везан Дела
Хьуна хьалха бакъ а волуш
доьхуш вац со Везан Дела
байлахь бисначеран ц1арах
доьху Хьоьга Везан Дела
жоьрахь бисначеран ц1арах
доьху Хьоьга Везан Дела
к1ур хаьддачийн ц1арах Хьоьга
доьхуш ву со Везан Дела
х1у хаьддачиин ц1арах Хьоьга
доьхуш ву со Везан Дела
Тхан массеран к1ур хадахь а
Х1у хадахь а Везан Дела
Тхан къонахийн х1у ца хеда
беркат лохьа Везан Дела